26 шо хьалха 1994-чу шарахь, Лахьан-беттан 26-чу дийнахь, танкашца болчу Оьрсийчоьнан эскархоша гIо а деш, Соьлж-ГIалана тIелатар дира Дудаев ЖовхIара куьйгалла дечу Iедална дуьхьал болчу оппозицин ницкъаша. Шайн исторехь дуьххьара вовшашца тIом бира нохчаша цу дийнахь.
ХIинца а билггал хууш дац, Соьлж-ГIалана тIелатар дича шина а агIор байинчу нехан терахь.
Кхин а ши кIира даьлча Оьрсийчоьнан эскарша буьззинчу барамехь дIаболийра хьалхара тIом.