ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 30 стаг, вирус кхетта 1 102 вахархочунна.
Эпидеми ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабо хаамбарца, Дагестанехь велла ковидах бархI дархо, Краснодаран кIоштахь ялх, ГIалмакхойчохь виъ, ГIебарта-Балкхаройчохь шиъ, Нохчийчохь а, Адыгейхь а, ГIалгIайчохь а цхьацца пациент велла.
Пандеми яьржичхьана Къилбаседа Кавказехь кхелхина COVID-19 вирусах 3 582 стаг.
Къасьттина дукха бу ун даьлла нах Ставрополан кIоштахь – 228 стаг:
Ставрополан мохк + 228 (26 807 ву эпидеми яьржичхьана)
Краснодаран кIошт + 170 (21 399)
Дагестан + 107 (18 546)
Нохчийчоь + 97 (3 951)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 90 (12 343)
Кхарачой-Чергазийчоь + 84 (11 866)
ГIалмакхойчоь + 89 (11 283)
ГIалгIайчоь + 82 (9 161)
Адыгей + 79 (7 690)
Къилбаседа ХIирийчоь + 76 (9 053)
Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирусца ву 132 099 стаг. Оперативан штабан зерашца, йоллу Оьрсийчохь ву коронавирусан уьнца 2 187 990 вахархо.