Пачхьалкхан гIишлошъяран хьукматан директорна Нохчийчохь дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даьккхина, шина баттахь сов белхалошна алапаш ца кхачош хьем барна.
Талламчийн версица, ялх миллион сов сом ду вовшахкхеттарг. Карарчу шарахь сецийна ду дуьйцу алапаш.
"Хьукматан чоьтехь дIадала дезачул а масийттаза сов ахча хиллашехь, дIа ца луш хилла цо", - хаамбо махкарчу талламан урхалло. Бехкзуламан гIуллакх кхин дIа а толлуш ду.
Чеченстатан зерашца, республикехь юккъерчу барамехь лерича, 27 эзар сом ду белхан алапа. Ткъа меттигерчу бахархоша чIагIдо, 13-15 эзар сом бен дац бохуш.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!