ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьехархо верна декъах ву аьлла, бехкевина Францехь виъ дешархо


Парижна гергахь хьехархо Пати Самюэль вер толлучу Францерчу полицино бехкаш дехкина виъ дешархочунна, хаамбо РЕН ТВ канало. 47 шо долу хьехархо къизаллица вийра Нохчийчуьра схьаваьллачу Анзоров IабдуллахIа, Парижна гена йоццучу Конфлан-Сент-Оноринехь.

Оцу гIуллакхна тIехула верриг а жоьпе озийна, зуьйш ву итт стаг, яздора "Новости" агенталло.

47 шо долу историн а, географин а хьехархо Пати Самюэл вийра байначу беттан 16-чохь. Зулам дарна бехкево Москвахь вина, дуккха а хан хьалха доьзал Францино тIеэцна волу Анзоров IабдуллахI. Иза ша а вийна лоцучу муьрехь полисхоша.

Социалан машанашкахь иза радикалан кхайкхамаш беш лелла хилар билгалдоккху прессо. Хьехархочо ша вен масех де дуьсуш, школехь берашна дешан маршонан мах буьйцуш, довзийтина хилла Charle Hedbo журнало Пайхамар Мухьаммад аьшнашвеш дехкина суьрташ.

Президента Макрона Патин тезетахь къамел дира, вуно ира дара иза: цо бохура, ислам-динехь кризис ю, кхойкхура Францин бахархой радикалан кепе йирзинчу исламан экстремизманна дуьхьалхIитта. Макрона динчу дIахьедаро эргIад бахийтира Гергарчу Малхбалера цхьа могIа пачхьалкхийн Iедалхой. Туркойчоьнан президенто ЭрдогIана "психикана дарба де" аьлла, хьийхира Макронна.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ГIадужу-беттан 27-чохь аьлла, Францин президент Макрон Эммануэль "ша ву хIинца терррорхочух дIатарлуш", ткъа мехкан муфтийс тиллина Макронна "№I террорхо" цIе.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG