ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стаг верна 9 шо хан тоьхна Нохчийчуьрчу вахархочунна. Полисхой бехкебора цо зуламна


Дагестанерчу Хасу-Юьртан аптекан долахо Кардашов Алексей вен а вийна, цуьнан машен лачкъийначу Соьлж-ГIаларчу Омаров Сайд-Мохьмадна шогачу хьелашкахь йолчу набахтехь даккха 9 шо хан тоьхна.

2017-чу шеран Гезгамашин-баттахь хилла ду зулам. Талламан версица, психотропан молханаш оьцуш хилла Омаров Кардашовгара. Иза лачкъийна вигина зуламхочо, ткъа цуьнана дакъа хIинца а каронза ду.

Хиллачух шина кепара дийцина Омаровс. 2018-чу шарахь ша теш хилча санна мукIарло дина цо, ткъа стохка бехкевийриг санна хьалха хIоьттина иза кхелана, билгалдоккху "Iазапна дуьхьало латточу Комитето".

Юьхьанца дIахьедина хилллера Омаровс, Нохчийчуьрчу полисхоша вигина Кардашов аьлла. Буьйцурш бара наркотикашца къийсам латточу декъан куьйгалхо Юсупов Алихан а, цуьнан гIовс Азиев Калоги а, иштта Росгвардин эскархой Дукаев Аслан а, Абдурашидов Бекхан а.

ТIаьхьо гIуллакх листар Нохчийчу дIакхачийча, Омаров Iедална тIевеанера, Кардашов ша вийна аьлла, дIахаийта. Цо чIагIдора, дов а даьлла, летачу хенахь ша вийра иза, ткъа цуьнан дакъа хи чу кхоьсира ша бохуш. Амма Хасу-Юьрта ша дIавигира Росгвардин эскархоша Дукаевс а, Абдурашидовс а, аьлла, дийцинера цо.

"Тарло, тIехь ницкъбина, кхерамаш а тийсина Омаровга бехк тIелацийтина хила а. Оха латкъам бийр бу бинчу сацамна", - аьлла Къилбаседа Кавказерчу "Iазапна дуьхьалояран Комитетан" офисан куьйгалхочо Пискунов Дмитрийс.

Шайгахь хиллачу бакъонел а тIехваларна бехкевеш ву Дукаев а, Абдурашидов а.

2017-чу шеран Гезгмашин-беттан 14-чохь вайра 43 шо долу Кардашов. Видеокамераша дIаяздина, оцу дийнахь цуьнан машено Нохчийчоьнца лаьтта доза хадийна хилар. ХIетахь дуьйна цхьанна а гина вац иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG