ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сулейманов Юсуп. Шовданан дозаллаш  (Басня)


Шовданан дозаллаш
(Басня)

"Со,-бохуш,
кхиссалуш
Еш чолхе гIовгIа ,
Ломана куро еш
Лешара шовда.
Бохура : "Маржа яI,
Со дацахьара,

Таро хьан яцара
"Со лам бу", -ала".
И къамел цо цуьнга
Денна а дора .
Цуьнах шен бухдийлар.
Ган а ца гора.
1964ш.

XS
SM
MD
LG