ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сулейманов Юсуп. Декхар


Декхар


Цу ножан декхар ду, гIад чIогIа
техкаш,
Лулара и синтарш мох-дарцах лардар.
Сан дог хьан декхар ду, иллешца
кхехкаш,
Бакъонан сий лардеш, харц
моьрцуш дагар.
Цу маьлхан декхар ду, ирсаца богуш,
Лаьтта тIехь адамаш диканца хьестар.

Сан дог хьан декхар ду, тешамех
догуш,
Безаман бIаьргашца дахаре хьежар.
Лечанан декхар ду стигланийн арахь,
Стагаллин доладеш толамца кхерстар.
Сан дог хьан декхар ду, доьхна
де кхачахь.

Собаран шортонца бохамах делар.
Сан дог хьан декхар ду, ах
новкъахь сецна,
Вайшиннан Iалашо ца йитар генахь.
Декхар ду юха а, ца дахар эрна.
Дагалахь, саццаза лехамийн цIергахь.

XS
SM
MD
LG