ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Школан бахам хIаллакбинчу дешархойн яххьаш яьхна полицехь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Соьлж-ГIаларчу полицин декъе балийначу дешархошкара бехкаш даьхна, футболах а, баскетболах а ловзучу майданара Iедалан бахам хIаллакбарна.

"Кхиазхой профилактикан чоьте бохур бу. Церан дайшна а, наношна а административан протоколаш хIиттор ду", - аьлла, дIахьедина полицин полковнико Магомадов Мохьмада, яздо "Чечня Сегодня" агенталло.

Иштта билгалдаьккхина, школана хилла зен берийн дайша-наноша ахчанан барамахь меттахIоттон дезаш хилар а.

Цхьахйолчу школан эчиган ков кагдина, цуьнах йисина чалхаш футболан майданахула дIасалестийна дешархой бевзина, социалан машанашкахула цара яржийначу видео тIехь.

Лахьан-беттан юьххьехь Соьлж-ГIалин ДПС ГИБДД-н дозана тIехь гулвинчу 80 сов машенлелорхочуьнца профилактикан къамелаш дира, цара некъан низамаш ца лардо аьлла, гулбина.

Зазадокху-баттахь Iедалхоша бехкаш дехира, Москвара цIа балийначу кегийрхошкара "наркотиаш ийзарна а, къаьркъанаш мийларна а, хулиганалла лелорна а" бехкебина.

Куьршала кIоштан полицин декъан хьаькамо Агуев Рустама юьхь ехира психотропан молханаш а мийлина, нахана юкъахь кеп хилла дIасалеларна.

Иштта, кхеле хIиттийра Хьалха-Мартанара кегийрхой а, корта бахон молханаш мийлина аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG