ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ковидах кхелхина Къилбаседа Кавказехь 29 дархо


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь коронавирусан эпидемих велла 29 пациент, ун къаьстина кхин а 1 117 стагаца.

Вирус ца яржийта вовшахтоьхначу оперативан штабо дIахьедарца, Дагестанехь кхелхина COVID-19 вирусах исс дархо, Ставрополан а, Краснодаран а мехкашкахь велла ялх-ялх, ГIалмакхойчохь - пхиъ, ГIебарта-Балкхаройчохь - шиъ, ГIалгIайчохь - цхьаъ велла.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь велла лоруш ву ковидах пандеми яьржичхьана 3 611 стаг.

Къаьсттина дуцкха бу ун даьлла нах Ставрополан кIоштахь - 228 дархо:

Ставрополан мох + 225 (27 032 ву эпидеми яьржичхьана)
Краснодаран кIошт + 174 (21 399)
Дагестан + 107 (21 573)
Нохчийчоь + 101 (4 052)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 92 (12 435)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 88 (11 954)
ГIалмакхойчоь + 94 (11 377)
ГIалгIайчоь + 77 (9238)
Адыгей + 83 (7 773 )
Къилбаседа ХIирийчоь+ 78 (9 131)

Таханалерачу дийнахь COVID-19 вирус токхуш ву Къилбаседа Кавказехь 133 216 стаг. Оперативан штабан зерашца, Оьйрсийчохь ву 2 115 533 пациент.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG