ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Адыгейхь полисхочо герзаца чевнаш йина 14 шо долчу дешархочунна


Цхьана машенна тIаьхьа хьаьлхинчу полисхоша салон чохь йолчу 14 шо долчу йоIана корах герз тоьхна, чевнаш йина. Кху беттан 25-чохь хилла ю инцидент Новочепший олучу эвлахь.

Хаьхкина йогIу машен сацон гIоьртинера некъан полисхой, ткъа урхалла дечо кхаьрга ла а ца дугIуш, машен дIахаьхкинера, хаамбо "Комсомольская правда" газетано, Адыгейра ницкъахойн информацина тIетевжина.

"ВАЗ-2107 машанахь вогIучо омра кхочуш ца динера полицин белхахойн, тIаккха цуьнан машенна тIаьхьабевллера некъан инспекторш. Цо кхин ца сацош ехха хихкинера машен, цул тIаьхьа герз тоха сацамбира полисхоша. Цкъа хьалха хIаваэ герз тоьхнера, цуьнга дIахьедар деш, хIетте а ца сецнера важа. ТIаккха ДПС-н белхахочо герз тоьхнера машенна хьажийна", - билгалдоккху гIирсо.

Церан хаамца, урхалла дийриг хиллера, машен лелон бакъо а йоцуш, 20 шо долу меттигера вахархо. Шеца машен чохь йолчу йоIана вон хила доьлча, тIаккха сацийнера цо автомобиль.

Герз тоьхначу полисхочун цIе яьккхина Baza телеграм-канало. Дийцарехь, иза ву лакхара лейтенант Кошко Алий.
"Карарчу хенахь полисхочо герз кхосар бух болуш дуй хьовсуш, талламаш бу дIахьош", - яздо ресурсо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG