ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трамп Дональдан дахделла дIасакъастар


Трамп Дональд, гарехь, баккъал а вац ша харжамашкахь эшна хиларх тешаш. Ца дуьжу иза цуьнан коьрта чу. Иштта стаг ву иза. Ца карийначух тера ду цуьнан гонехь, харжамашкахь эшар – иза дуьне дохар дац, ала стаг. Эша ма эшна харжамашкахь шайн заманахь Черчилль Уинстон а, Горбачев Михаил а, Буш Дожордж а, амма историн маьIIехь бисина ма бац уьш, царех сийлахь-баккхий пачхьалкхан дай ма лору. Цу тIе, эша а, доьналлехь а вуьсуш, ма эшна, кхаьжнаш дуккха а бохуш, ца эшна декъазчу жамIаца – 1960-чу шарахь Кеннеди Джона эшийна Никсон Ричард санна, я Буш-жимахчо эшийна Гор Эл санна а ца оьшуш. Ткъа хIинца корта айъийна дIаваха веза.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн 44 президентах (Трамп Дональд 45-гIаниг ву) 14 президент бен ца Iийна даржехь юха-юха шозза. Цхьаболучара шозлагIа ца хержийтина шаьш, кхиберш халкъо ца хоржуш бисина, кхечарна лиина шозлагIа а президентан даржехь совца, амма эшна кхечу партерчу кандидаташна хьалха. Иштта ю демократин амал, цо даима а ца лоьру харизма, къар ца йойту ша политикан технологешка.

1973-чу шеран Марсхькху-беттан 8-чохь 37-чу президента Никсон Ричарда, шена импичмент кхайкхош лаьттийла хиича, дIахьедира ерриг а Америке а, дуьнене а, ша дарж дуьтуш вуйла, элира иштта: "Со хеназа давоьдийла лууш бац сан дегIан цхьа а хьаса. Амма ас, суо президент хиларе терра, Американ хьашташ доху массо а лаамел хьалха". Шена тIедоьссина эхь хьахош, цо тIаьхьо иштта аьлла: "Шаьлта ас айса елира цаьрга, цара иза хаза а хеташ хьовзийра сан чевнах чухула". ТIаккха а ойла а йина, тIетоьхна: "Церан метта хилча, ас а дийр дара изза".

Трампна а хета ша къайлах бинчу берта юкъахьарчийна, шена дуьхьал пачхьалкхехь эзарнашкахь хьавзина аьлла. Цара массара а, цхьаьна а кхетта, Байден Джон штаб хьалха а йолуш, 20 шо набахтехь таккхал доккха зулам дина. Иштта ца хуьлийла а дац. Иза оьшийла дац деккъа дIа. …Амма кхелехь, жиманиг карийна а, харжамашкахь даьлла цхьа гIалат дIагайта стенна ца баьлла аьтто? Дера ца баьлла кхаа кхелахочух цхьа а вохкаваланза вацарна. Низамца болу некъ кхача а бина, харжамийн жамI шеконехь дуьсучу штаташкарчу низамхошка къамелаш деш хьийза Трамп хIинца, нехан харжам боллучохь а битина, шех толамхо вен боху цо. И гIулчаш ша "пачхьалкх кIелхьара йоккхуш" йоху, боху.

Америкехь пачхьалкхалла кхоллалучу заманахь, стенна яла еза президентана бакъо дуккхаза а нахе шех харжам байта (хIинца санна, цкъа харжар а доцуш, цунна мел лаьа) ойла еш, Гамильтон Александра яздина: "Хан хьалха тешамо лаккхарчу дарже кхачийна хилла, кхин иза шайга латто йиш йоцуш, оцу даржах къаьстина, хIинца цунах хоьгуш, IиндагIах а тарвелла массех стаг леларо хIун дика дохьу юкъараллина, Iедалан аьттонна? Пачхьалкхехь хьалхарниг а лаьттина, хIинца ша-шена висинчу стага хIун дан деза? Стенга бахьа беза даржах мукъабевлла президенташ?"

Цхьаьнатоьхначу Штатийн 27-гIа президент лаьттинчу Говард Тафт Уильяма, КIайн ЦIийнан коьртехь Iийна, пачхьалкх дIалело хууш болчу нахах, белла дIабовллалц дарж карахь а дуьтуш, сенаторш бан беза я иштта цхьа баккхий хьаькамаш бан беза бохучух воьлуш, хьехна шена хетарг: уггаре дика сацам хир бара "хлороформ а тоьхна, доттагIийн, гергарчийн лаамца чалхаш стаг дIаверзочу цIаре елла, ягийча".

Ала дашна, ша Тафт дика ларавелла экс-президентан декъаца. Йелерчу университетан профессор хилла цунах, цул тIаьхьа иза хIоттийна Цхьанатоьхначу Штатийн Лакхарчу кхелан коьрте. Президентан даржехь Iийначех цхьаберш Сенате хаьржина хилла, я Конгрессан лахарчу палате. Цхьаболучара Iедало шайна тIедохку цхьацца декхарш кхочушдеш хилла, комитетийн а, комиссийн а коьртехь лаьттина.

Трамп, цхьаьна маьIнехь, цкъа а вуьсур вац «хилла президент»: цуьнга велла дIаваллалц бохур ду "хьан сийлалла, президент"

1958-гIа шо дерззалц президентан даржехь Iийначу нахана пенси дацара латтош, шаьш леха дезара цара шайна баха напха. ХIинца кхин хьал ду. Федералан министра оьцу алапа санна ло царна пенси. Шарахь 219 200 доллар ду иза. Президент лаьттина майра веллачунна ло шарна 20 эзар доллар. Президент Iийначунна ха латтадо даиманенна а, латтайо офис, ло ахча транспортна, почта дIасалелийта, тоьллачу дарбан хIусамашка а кхачабо цомгуш хилча. Вашингтонехь муха буьйса йоккхур яра боху гIайгIа бац цаьргахь – КIайчу ЦIенна дуьххьал, чохь мел оьшург а долуш, петарш ю церан. ТIаьххьарниг аьлча, велча, Iедало сий-ларам беш, пачхьалкхан эскарийн коьртехь Iийна буьйранчаш санна дIа а бухку уьш Арлингтонан кешнашка, нагахь санна цуьнан весет кхечунхьа ша дIаволла аьлла дацахь. И дерриг а ял луш болчу бахархойн цIарх деш ду. Кхин хIун оьшу! Трамп, цхьаьна маьIнехь, цкъа а вуьсур вац «хилла президент»: цуьнга велла дIаваллалц бохур ду "хьан сийлалла, президент"

Цхьаболчу экс-президенташа кхоччуш пайдаэцна шайна хуьлучу таронех. Цкъа даржехь Iийна волу Картер юкъавийлина цхьаццанхьарчу тIеман конфликташна, уьш совцош, лецначуьра мукъабохуш лелла Американ эскархой, закъалтхой маьршабохуш лелла. Оцу дерригенна а цунна дуьненаюкъара Нобелан совгIат делла. Цундела ала деза: дац хIумма а доьхна, пайде хила йиш ю Трампан.


1888-чу шарахь президент Кливленд Гровер ийшира ша юхахоржуш, кечлуш хиллера КIайчу ЦIийнера дIаваха, цуьнан зудчо Фрэнсиса аьллера чоьнаш ларъечу белхалочуьнга: "Джерри, тергалъеш, дика хьажалахь йийбаре, чохь цIена хилийталахь тхо юхадаьхкича!". – "Шу юха маца догIу?" – хаьттинера вукхо. "Нийсса диъ шо даьлча", – жоп деллера Хьалхарчу ледис. Иштта нис а делира, туьйлира Кливленд 1892-чу шеран харжамашкахь. Трамп Дональдан а ю изза бакъо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG