ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестан: зуда ядош гIодарна бехкейина меттигера яхархо


"Кавказан йийсархо" фильмера сурт
"Кавказан йийсархо" фильмера сурт

Стаг нубцкъала маршонах ваккхарна набахтах мукъа а юьтуш, бехк такха кхо шо кхайкхийна Дагестанерчу Леваши кIоштан кхело меттигерчу яхархочунна.

Ши бутт хьалха Тагзиркент юьртахь ехачу цуьнан цIентIе гергарчу жимачу стага зуда ялийна, иза ша маре йига ядийна аьлла. Шина дийнахь кхаьбна йоI оцу зудчун хIусамехь, захалш реза хиллалц, бохуш. Амма кхоалгIачу дийнахь ядийнарг, едда, шен цIа дIаяхана.

  • Кхо бутт хьалха, нускал дадорна бехке веш, Дагестанан Магарамкентан кIоштахь лецира кхо вахархо.
  • Къилбаседа ХIирийчохь дукха хан йоццуш вахархочунна набахтехь даккх 3 шо 8 бутт кхайкхийра а, ша тIехьийза йоI цо шен хIусамехь нуьцкъала кхабарна, иза ша юьйр ю, бохуш, кхерамаш а туьйсуш.
XS
SM
MD
LG