ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказера уьнан статистика: 31 стаг кхелхина дийнахь-буса


ПIераскан дийнахь а, буса а Къилбаседа Кавказехь коронавирусах кхелхина 31 пациент, цамгар гучуяьлла кхин а 1133 вахархочуьнца.

Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу штабо бечу хаамца, Дагестанерчу дарбан хIусамашкахь велла 10 стаг. Краснодар-махкахь – 8, Ставропол-махкахь – 7, Нохчийчохь – 3, ГIебарта-Балкхаройчохь – 2, ГIалгIайчохь – 1.

Дийнахь-буса COVID-19 цамгар кхетта нах уггар дукха бу Ставропол-махкахь. 24 сахьтехь а, пандемин берриг муьрехь а ун хьакхаделлачийн статистика иштта ю:

  • Ставропол-мохк + 227 (27259)
  • Краснодар-мохк + 178 (21751)
  • Дагестан + 106 (18757)
  • Нохчийчоь + 103 (4155)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 92 (12527)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 87 (12041)
  • ГIалмакхойчоь + 97 (11474)
  • ГIалгIайчоь + 79 (9317)
  • Адыгей + 86 (7859)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 78 (9209)

134 349 стаг билгалваьлла COVID-19 цамгар йолуш Къилбаседа Кавказехь ерриг а хенахь. Оьрсийчоьнан юкъара и терахь ду 2 242 633* стаг.

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулоьру аннекси йинчу ГIирмера дараш а.

XS
SM
MD
LG