ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Террорхочо, ша а леш, бомба эккхийтина Могадишохь Американ тIеман министран визит дIайирзинчул тIаьхьа


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Американ тIеман министран декхарш кхочушдеш волу Миллер Кристофер Сомали хьалххе дIакхайкхийна йоцу визит дIаерзийна ваьллачул тIаьхьа масех сахьт даьлча вала араваллачу террорхочо бомба эккхийтина Могадишохь, дуккха а нах болчу кафе чохь, хаам бо "Американ аз" агенталло.

Цкъачунна болчу хаамца, вийна лаххара а 7 стаг. Оцу тIелатарх жоьпалла шена тIелаьцна «Аш-Шабаб» олучу террорхойн тобано.

Пентагоно бинчу хаамца, Сомалихь а, Джибутехь а дIатарбинчу Американ эскархошца "Thanksgiving day" (Далла хастам бон де) даздеш дакъалаьцна Миллера.

Хьалхо хаам бинера президент Трамп дагахь ву аьлла, Могадишохь волу 750 Амеркан эскархо цIавало. Уьш цигахь бу Сомалин арми Iамош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG