ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинах тера йолчу йоьIан ненан яхта лардеш тIеман эскорт ю, хаам бо "Собеседнико"


Оьрсийчоьнан хIордан ницкъаша лардеш хила тарло Путин Владимирца дуккха хенахь дуьйна хьошаллехь йолчу Кривоногих Светланин хинкема, чIагIдо "Собеседник" газето.

Интернетерчу цхьа сурт даладо цо тоьшаллина. Яхтина уллехь хичухула лелаш диверсина дуьхьаллаьтта хинкема ду суьрта тIехь гойтуш, Балтинкерчу флотан "Юнармеец Балтики" ду и кема. Кривоногих Светланин компанин долара чхта лардеш ду иза, боху "Собеседнико".

Петербугана гена йоцчу Кронштадна гергахь 2020-чу шеран Охан-баттахь даьккхина сурт. Ши кема ларамза цхьаьнакхетта хила а тарло, амма газето бахарехь, Кривоногих Светланин яхта кест-кеста го шена гонах тIкман ха долуш.

Журналистийн тидам йоьжна Кривоногих Светлана, "Проект" ресурсо, цуьнан боккха аьтто баьлла хьал гулдан Путин вевзинчул тIаьхьа, аьлла яздича.

2003-чу шарахь Кривоногих Светланас йоI йина Путинах вуно тера, дIаязйина ден цIарца «Владимировна» а йолуш, Юьйцу йоI юкъарлонехь ю Путина хьошалла лелочу нахаца – иза билгалдаьлла Маршо Радиона, хила тарло и йоI президентца уьйрехь а. Ба ржинчу хаамах Кремло тидаме эца хьашт йоцу, "теша бух боцу" информаци ю аьлла, ца хIоьттина комментари ян.

XS
SM
MD
LG