ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь Iорадаьхна Голодомор-заманахь хиллачу бохамах долу документаш


Митрополит Епифаний, Украинин килсийн коьрта мозгIар ву Голодомор дагалоцуш биллинчу хIолламна хьалха, Киев, Лахьан-бутт, 28, 2020.
Митрополит Епифаний, Украинин килсийн коьрта мозгIар ву Голодомор дагалоцуш биллинчу хIолламна хьалха, Киев, Лахьан-бутт, 28, 2020.

1932-1933 шерашкахь пачхьалкхехь лаьттина мацалла (Голодомор) дагалоцучу Лахьан-беттан 28-чу дийнахь Украинин Кхерамзаллин Урхалло Iорадаьхна оцу муьрехь иккхинчу демографин кризисах лаьцна долу документаш. Оцу хьокъехь хаам бина Фейсбукехь оцу хьукматан пресс-векалто.

"Советан пачхьалкхехь 1937-чу шарахь бахархой багарбеш дIабаьхьначу барамо гайтина баккъал а демографин кризис х Iоьттина хилар. Пачхьалкхерчу демогрофаша Украинехь 35 миллион вахархо ву аьлла хеташ хилла, ткъа зераша гайтина бахархойн терахь, 1926-чу шарахь санна, 25 миллион бен доцийла", - боху Кхерамзаллин урхаллерчу говзанчаша.

Нах багарбечу хьукматийн куьйгаллехь хилла хьаькамаш тоьпаш тоьхна байъина хIетахь – уьш бехкебина "терахьаш леррина лахдарна", - хаам бо Украинин кхерамзаллин урхалло.

1932-1933 шерашкахь лаьттина мацалла Украинерчу халкъанна тIехь геноцид хIоттийна хиларца доьзна 14 шо хьалха Украинин Лакхарчу Радин сацам буха а биллина, кхечу пачхьалкъашка а дехна Украино и сацам къобалбар.

XS
SM
MD
LG