ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIира: бераш цIадалийна Шемара, гIалгIайн жигархойн девнехь, Францехь лецначу нохчийн арз


Лахьанан-бутт, 23, оршот

Бераш ц1адалийна Шемара Нохчийчу а, Дагестане а

Соьлж-ГIаларчу аэропортехь охьадоьссина Шемахь ялх шо даьккхина ши бер далош догIу кема, хаам бо Грозный-Информ агенталло. 12 а, 15 а шераш долу йиша а, ваша а ду и шиъ: Абкаров Маьхьди а, ПетIимат а. Церан нанна а ца хууш, къайлах дас дIадигина хиллера и ши бер ша Шема воьдуш.

Берийн нана дарбан хIусамехь Iуьллуш хиларна, аэропорте дуьхьал еанера Устрада-гIалара берийн ненана а, кхболу гергара нах а. Нохчийчуьрчу берийн бакъонашларъярхочо Хирахматов Хьамзата дийцира журналисташка, бераш могуш а, дикачу хьолехь а ду, шайн нана ган хьаьгна а ду аьлла. "Кхин а 60 бер ду вайн регионера Шемахь дуьсуш. Уьш цIа дерзон мел оьшу кехаташ кечдина оха", - Хирахматовс. Оьрсийчоьнан омбудсменан Кузнецова Аннин гIоьнца цIа дерзийна: Иракъера 122 бер, Шемара 75. Царалахь ду кху деношкахь д1акхетийна Дагестанера 16 бер а.

Лахьанан-бутт, 24, шинара

Нохчийчуьрчу вахархочунна хан тоьхна Армавире вахарна

Зулам дина аьлла, жоьпе озийначу меттигерчу вахархочун гIуллакх листина Гуьмса гIалин кхелехь. Ницкъаллийн структураша дIасавалар дихкина хилла цунна, шен лаамехь хIусамера ваьлла, дIаваха бакъо йоцуш.

Хаттанза Краснодаран кIоштарчу Армавире вахана хилла бехкевийриг. Прокуроро бехкбиллар тергоне а эцна, кхело тIечIагIдина цуьнгара зулам даьлла хилар. Набахтин шогачу хьелашкахь яккха хан тоьхна цунна.

Лахьан-бутт, 25 кхаара

ГIалгIайн протестийн лидерийн кхел йолийна

Ставрополан махкарчу Ессентуки гIалин кхело дуьххьарлера кхеташо дIаяьхьна, стохка Зазадокху-баттахь Магасехь хIиттийначу гIалгIайн протестийн лидерийн гIуллакх луьстуш. Оьрсийчоьнан Лаккхарчу кхело Кисловодскан кхел яра билгалъяьккхина дов листа. Амма эвсара гIишло цигахь ца хиларна, кхелахочо Ессентукехь барт хоттур бу кхеле озийначаьрга. ВорхI стаг ву бехкевийраг: Барахоев Ахьмад а, Мальсагов Муса а, Хаутиев Багаудин а, Чемурзиев Барах а, Ужахов Малсаг а, Нальгиев Ахьмад а, Саутиева Зарифа а. Цара массара а бехкаш тIе ца дуьту.

Нохчийчоьнца дозанаш къастош барт хиллачул тIаьхьа протесте бевлира ГIалгIайчуьра жигархой. Зазадокху-беттан 27-чохь церан митинг дIасалаьллира полисхоша, цул тIаьхьа цигахь дакъалаьцначарна дуьхьал бехкаш дахка долийра.

Францехь лецначу нохчийн латкъамаш: набахтехь лоьраш тIе ца буьту

Коронавирусан ун даьлла шайна, лоьрашкара дарба а ца кхочуьйту аьлла, дIахьедина Францерчу Парижна гергахь йолчу депортацин набахтехь латточу мухIажираша. Бу царалахь Нохчийчуьра бахархой а цхьаьна. Цул сов, мухIажираша даредо, шайна францойн мотт ледара хааре терра, Iеха а деш, кехаташна тIе куьйгаш яздойта шайга бохуш.

"Куьгъяздан документаш дохьу, адвокат лоцуш кехат ду олий, ткъа ма-дарра аьлча, пачхьалкхера араваккхийта резахуьлуш куьг таIор хуьлу иза", - дийцина къамел динчо.

Шарль-де-Голь аэропортана гергахь ю депортацин набахте. Цуьнан администрацин белхахо реза ца хилира Кавказ.Реалиин хаттарна жоп дала. Нохчийчуьрчу мухIажирех хаттар дуй хиинчул тIаьхьа, цо хьийхира мухIажирийн бакъонаш Iалашъечу организацица зIене довлар.

Кху шеран ГIадужу-баттахь Парижехь хьехархо Пати Самюэль вийначул тIаьхьа гIуллакхаш галдевлла цхьаболчу нохчийн мухIажирийн.

Лахьанан-бутт, 26, еара

26 шо кхаьчна "оппозици" Соьлж-ГIалина тIелатта

26 шо хьалха, 1994-чу шарахь, Лахьан-беттан 26-чу дийнахь, танкашца болчу Оьрсийчоьнан эскархоша гIо а деш, Соьлж-ГIалана тIелетира Дудаев ЖовхIара куьйгалла дечу Iедална дуьхьаллаьттачу оппозицин ницкъаш.

Шайн исторехь дуьххьара вовшашца тIом бира нохчаша цу дийнахь. ХIинца а билггал хууш дац Соьлж-ГIалана тIелатар дича шина а агIор байинчу нехан терахь. Кхин а ши кIира даьлча Оьрсийчоьнан эскарша буьззинчу барамехь дIаболийра Нохчийчохь хьалхара тIом.

Нохчийчоь: 6 миллион сом белхалошна дIа ца делла хьаькамо

Пачхьалкхан гIишлошъяран хьукматан директорна Нохчийчохь дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна, шина баттахь сов белхахошна алапа дIалуш хьем барна. Талламчийн версица, ялх миллион сов сом ду вовшахкхеттарг. Карарчу шарахь сецийна ду дуьйцу алапаш.

"Хьукматан чоьтехь дIадала дезачул а масийттаза сов ахча хиллашехь, дIа ца луш хилла цо", - хаам бо махкарчу талламан урхалло. Бехктакхаман гIуллакх кхин дIа а толлуш ду. Чеченстатан зерашца, республикехь юккъерчу барамехь лерича, 27 эзар сом ду белхан алапа. Ткъа меттигерчу бахархоша чIагIдо, иза 13-15 эзар сом бен дац, бохуш.

Лахьанан-бутт, 27, пIераска

Гуьржийчу а вахана, цигахь журналист вен гIоьртинчу Боковна-Гуциевна бехк тIебаьхьина

Стохка аьхка оппозицин "Мтавари архи" телеканалан журналист Габуния Георгий вен Iалашо хилла аьлла, шеконашца лаьцначу Оьрсийчуьрчу вахархочунна Боков Васамбекна шога бехкаш дехкина Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамзаллан урхалло (СГБ). ХIетахь дийца даьккхира официалехь, харц документаш лелош хилла аьлла, лаьцна ву бохуш. Тахана СГБ-но дIахьедина, билггал цуьнан йолу цIе къаьстина шайна аьлла. Масийттазза бакъо йоцуш Гуьржийчоьнан дозанехула Боков Васамбек цIарца чекхваьлларг ву - Гуциев Мохьмад. Бакъо йоцуш Габунияна тIехь тидам а латтош, цунах лаьцна информаци гулъеш хилла цо. Зуламан Кодексан еа артиклехула бехке во Гуциев.

Леррина операци дIахьочу заманчохь Тбилисехь лецира кху шеран аьхка 38 шо долу ГIалгIайчуьра схьаваьлла Боков Васамбек. "Мтавари архи" телеканалан директоро Гварамия Никас бахарехь, журналист Габуния Георгий вен Iалашо хилла Боковн. Ткъа Габунияс Оьрсийчоьнан президент аьшнашварна бекхам бан Iалашонца иза вен хьажийнарг ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, аьлла дIахьедира Гварамияс, стохка хиллачу "Рустави-2" телеканалан эфирехь. Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамзаллан урхалло (СГБ) а тIечIагIдо шаьш лаьцна Оьрсийчоьнан вахархо цхьанна кIело ян дагахь хилла хилар. Ткъа шена дохку бехкаш тIе ца дуьту Кадыровс.

"Хаамийн гIирсаша, вовшашца къийса а къуьйсуш, дIасадаржийна Гуьржийчуьрчу ша журналист ву, бохучун къамел. Боху, Нохчийчоьнан Iедал иза вен кечделла. Шайн кхолламана дегабаам бинчу нехан туьйранашца сан кIезиг бала бу ", - яздира Кадыровс шен Telegram-каналехь.

Лахьанан-бутт, 28, шот

Тегеранна гергахь шайн физик-зарратхо верна Израиль бехкейо ГIажарийчоьно

ГIажарийчоьнан пачхьалкхан телевизионехула вистхуьлуш гIажарийн президента Роухани Хьасана бехке йина Израиль физик-ядершик Фахризаде Мохсен верна. Фахризаде велла госпиталехь пIераскана дийнахь Тегеранна гергахь иза вен гIоьртинчул тIаьхьа. Цуьнан машен эккхийтина, цул тIаьхьа масатоп йиттина. Малхбузерчу талламан сервисаш шекйара и Iилманча ГIажарийчоьнан тIеман зарратан программин куьйгалхо хиларх. ГIажарийчоьно тIе ца дуьту, шаьш къайлах кхиош зарратан программа ю бохург.

Америкерчу The New York Times газетан хьастанашна а хета, оцу тIелатарна тIехьа лаьтташ Израилан леррина сервисаш ю аьлла.

Фахризаде веро халонга яккха мега Тегеранца юкъаметтигаш тоян дагахь волчу Американ хаьржинчу президентан Байден Джон курс. Трамп Дональда юкъахбаьккхина ГIажарийчоьнца зарратан программа хьокехь бина барт ша юхаметтахIоттон дагахь хилар хаийтира Байдена. Оцу бартаца а догIуш, цхьана декъана дIайохуш яра Тегеранна Малхбузено кхайкхийна санкцеш, зарратан герз дар гIажароша дитахь.

Лахьанан-бутт, 29, кIиранде

Украинехь Iорадаьхна Голодоморах долу документаш

1932- 1933 шерашкахь пачхьалкхехь лаьттина мацалла (Голодомор) дагалоцучу Лахьан-беттан 28-чу дийнахь Украинин Кхерамзаллин Урхалло Iорадаьхна оцу муьрехь иккхинчу демографин кризисах долу документаш.

Оцу хьокъехь хаам бина Фейсбукехь оцу хьукматан пресс-векалто. "Советан пачхьалкхехь 1937-чу шарахь бахархой багарбеш д Iабаьхьначу барамо гайтина баккъал а демографин кризис хIоьттина хиллийла. Пачхьалкхерчу демографаша Украинехь 35 миллион вахархо ву аьлла хеташ хилла, ткъа зераша гайтина бахархойн терахь, 1926-чу шарахь санна, 25 миллион бен доцийла", - боху Кхерамзаллин урхаллерчу говзанчаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG