ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Терроризм къобалъярна 300 эзар сом гIуда тоьхна Хабаровскан вахархочунна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Хьалхарчу Малхбалерчу тIеман кхело Хабаровскерчу вахархочунна 300 эзар сом гIуда кхайкхийна цо терроризм къобалъярца доьзна толлучу бехктакхаман жамI деш, хаам бо "Интерфаксо ".

Регионерчу къайлахчу сервисо (ФСБ) бахарехь, шен интернетерчу "ВКонтакте"-агIоне Хабаровскан вахархочо терроран тохарш къобалден материалаш хIиттийна, цо бакъвеш хилла 2011-чу шеран аьхка Норвегехь талор дина Брейвик Андерс. Шен бехканна къерахилла кхеле озийнарг. Сацам кхочушбар тIехь дитина цунна.

2019-чу шеран Чиллан-беттан 23-чу дийнахь ФСБ-но лецира Хабаровскехь веха 18 шо долу Онуфриенко Александр. Школехь герз детта кечлуш хилла бохура иза. Къера хилира жима стаг, хаам баржийра, Осло гIалахь 77 стаг вийна террорхо Брейвик къобалво цо, аьлла. ЦIийнах хьовсучу муьрехь цуьнгахь карийра топ, 96 патарма, националистийн кхайкхамаш тIехь болу кехаташ. Уьш муха карийна дацара хоуьйтуш. 2020-чу шеран Чиллан-баттахь набахтехь такха 8 шо хан туьйхира Онуфриенкона.

XS
SM
MD
LG