ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

1999-чу шарахь Нохчийчохь Хаттабан тобанца Оьрсийчоьнан эскарех летта ши стаг лаьцна ФСБ-но


ФСБ-н Нохчийчуьрчу урхалло лаьцна Шелковскан кIоштарчу Оьрза-ГIалина гергахь 1999-чу шарахь Оьрсийчоьнан эскарна тIелетта ши тIеман декъашхо.

ТАСС агенталло бечу хаамца, уьш бу Нохчийчуьра бахархой Идалов Асламбек а, Идалов Саламбек а. Цара т1амехь дакъалаьцна баьччийн Басаевн а, Хаттабан а тобанашкахь, аьлла ю информаци. Уьш лоьцуш ФСБ-на накъосталла дина полицин, Росгварди декъан белхахоша.

  • 1999-чу шеран ГIадужу-беттан 4-чу дийнахь Оьрза-ГIалина уллехь хиллачу тIематасадаларехь вийра 15, чевнаш йира 28 Оьрсийчоьнан эскархочунна.
  • Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллица, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG