ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бесланехь дешархочунна электронан цигаьркина тIехула йиттина школин директора


Къилбаседа ХIирийчуьрчу цхьана школин директора дешархочунна еттар толлур ду мехкан прокуратуро. Инцидент иккхина Беслан гIалахь – цунах лаьцна яздо Instagram-ерчу аккаунтехь.

Хаамийн гIирсаша дийцарехь, №8 йолчу школехь директора-зудчо йиттина 7-чу классерчу кIантанна. Бахьана хилла беро школе электронан цигаьрка яр.

Баьржина хаам талла дагахь ду шаьш, аьлла прокуратурин белхахоша.

  • Лахьан-беттан 27-чохь ГIебарта-Балкхаройчуьрчу цхьана школехь хьехархо герз а детташ кIелхьарвелира шена зулам дан тIаьхьабевллачу дешархочун гергарчех.
  • 2019-чу шеран Зазадоккху-беттан 6-чохь 28 шо долу Гогичашвили Василий иккхинера Къилбаседа ХIирийчуьрчу Ардон гIалин №4 школи чу, доьдуш дешар а долуш, цо, месаш тIера а лоьцуш, йиттинера хьехархочунна Созаева Мадинина.

XS
SM
MD
LG