ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIебарта-Балкхаройчохь "Иегован Тешаш" тобан декъашхойн хIусамех хьуьйсу ницкъхой

ГIебарта-Балкхаройчуьрчу гIаланашкахь Iедалан ницкъаш Оьрсийчохь магийна йоцчу "Иегован Тешаш" тобан декъашхойн цIенойх хьуйсу кху деношкахь. И мур болийна кхело махкара вахархо Залипаев Юрий бехказваккхарца доьзна.

"Каспаров.Ru" портало бечу хаамца, ГIебрта-Балкхаройчуьрчу Эльбрусан кIоштарчу талламхой декъера Гятов Шемал ву болам айбинарг. ХIусамех хьийсина Iедалхой Тырнаузехь а, Майский а гIаланашкахь.

Девнаш ду махкахь цхьацца болчу "иеговхошна" дуьхьал айдина. "Бахархошка цхьацца литература кхийдорца, къамелаш дарца цара экстремизман цхьаьнакхетаралле ийзабо бахархой", аьлла бу талламчаша динлелочарна тIекхоьхьу бехкаш.

  • Динан экстремизм яржорна бехктакхаме озийна Залипаев Юрий бакъвира Майскерчу кIоштан кхело ши бутт гергга хьалха.
  • Бакъоларъечу "Мемориал" центрана гарехь, динлелорхошна дуьхьалояр ду "Иегован Тешаш" тобанера нах бехктакхаме ийзор. Оцу бахьаница набахтешка хьийсийна нах политикан тутмакхаш лору "Мемориало".
This item is part of
XS
SM
MD
LG