Оьрсийчохь Охан-баттера схьа коронавирусан дарбан цIийнашкахь белла нах бу - 74 866. И терахь шозза лекха ду Оьрсийчоьнан урхаллаша официалехь даржийначул. Иштта яздо "Медиазона" портало, могашаллин министраллерчу коронавирусан хьал тергалдечу Информацин центран статистиканна тIе а тевжаш.
Регионашкарчу а, федералан а Iедалехь ду коронавирусах беллачийн оперативан терахьаш, амма цара халкъанна ца довзуьйту уьш ма-дарра, лахдо дуккхаза а, цхьайолчу меттигашкахь гуттар а дайдина сурт, боху "Медиазоно".
"Медиазоно" далийна терахьаш ду Информацин центрехь Охан-беттан 31-чу дийнера Лахьан-беттан 22-чу дийне кхаччалц гулдина. Могашаллин министралло уьш ца довзийтина цкъа а, амма хIора регионо уьш тидамехь алаттадо, цаьрга хьаьжжина уьнна дуьхьалоен белхаш а гIиттабо, ткъа президента Путин Владимира шен векалш декхаребина статистика тергаъян а, хIора кIиранах хьал шена довзийта а, боху хаамийн гIирсо.
Халкъанна йовзуьйтуш йолу статистика лелориг ю Роспотребнадзор – цо гойту терахьаш ду, дуьстича, шозза лахара (Роспотребнадзоро чIагIдарехь, Лахьан-беттан 22-чу денна велла Оьрсийчохь 36 516 стаг).
Могашаллин министралло, цкъа-делахь, ца лору шайн цIахь я коронавирусана дуьхьалоян кечйина йоцчу дарбан хIусамашкахь белла нах, шолгIа делахь, чулору дарбан хIусамашкахь коронавирус кхетта а йоцуш белларш а.