Федералан хадаран урхаллин (ФСО) белхахочо ша-шен вийна Кремль ларъеш Iачу юкъанна. Низамхойн хьасташна тIе а тевжаш, и хаам баржийна ТАСС агенталло.
Baza ресурсан информацица, белхан меттехь, Кремль чохь, велларг ву Захаров Михаил. Болчу хаамца, Оьрсийчоьнан президент ларвечу декъера ву шена тIе куьг даьхьинарг. Ткъа ТАСС-ан хьосто, Захоров оцу декъера вара, амма вацара президентан дахарх жоп луш, аьлла.
Захаровн коллегашка иза валаран бахьана хаьттича, Baza пабликна цуьнан коллегашка делла жоп иштта ду: "Хьаькамийн шайн белхалойн бала цакхачар, белхан хьелаш вон хилар, белхан хан чекх ца йолуш, даима а совйийлар".
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!