ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

НикIаб лелош болу мехкарий кхетош-кхион Нохчийчоьнан муфтийна тIебигина


Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа а, Соьлжа-ГIалин полицин урхаллин куьйгалхочо Ирисханов Аслана а довдина бусалба духар никIаб лелочу меттигерчу 7 яхархочунна. Сюжет гайтина "Грозный" телеканалехула.

Межиевс хаийтина никIаб ерриг юьхь къовлу Iаьрбийн зударийн духар хилар а, иза лелор тIехьдацар а. Цо бахарехь, деа а бусалба мазхьабо а боху изза. ТIекхуьу чкъор кхета деза, никIаб Iаьрбийн Iадат хилар, зударшна дино иза лело тIедожош доцийла, бохура муфтийс.

Соьлжа-ГIалахула никIабаш а йоьхна зударий ша лоьлуьйтур бац, иза лелор нохчийн Iадатехь а, дино хьоьхуш а дацарна, никIаб лелораш Iаьрбийн мехкашка дIабаха беза, аьлла Ирисханов Аслана.

«Хьехамаш» бина бевлча, телеканало гойтучу мехкарша никIабаш дIаехира шайн яххьаш тIера.

XS
SM
MD
LG