ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бусалба доьзалшкара бевдда мехкарий хьахорна шена кхерамаш туьйсу, боху журналиста


Винокурова Екатерина
Винокурова Екатерина

"Дождь" ("ДогIа") телеканало Дагестанера бевдда мехкарий гойтуш арахецна сюжет ша социалан машанашкахь йийцаре яккхарна шена кхерамаш туьйсу, боху Оьрсийчуьрчу пачхьалкхан RT телеканалан журналиста Винокурова Екатеринас, яздо "МБХ медиа" ресурсо.

Бусалба доьзалшкара бевддачу мехкарех лаьцна "Дождь" телеканалехь репортаж араелира Лахьан-беттан 18-чохь.Фильм йийцарееш, шен постехь Винокуровас бохура, ФСБ-но зен беза Францера терроран талораш бакъдеш болу нах, царех ву, яздира, Дагестанера ММА-н охьатохархлатархо Нурмагомедов Хьабиб а.

Кхерамаш шена а туьйсу, маьттаза йозанаш а кхоьхьуьйту, аьлла, арздина репортажан автора Смирнова Марфас а. Ша материал кечъеш бусалбанийн "менталитет тергоне ца эцна" боху шега социалан машанашкахь, дуьйцу цо.

  • Къилбаседа Кавказехь журналисташа бен болх цатарна кест-кеста харцонаш лелайо царна дуьхьал. ГIалгIайчоьнан прокуратуро набахтехь 5 шо такхийтар дехна кхеле оппозицин "Фортанга" газетан редакторе Майсигов Рашиде.
  • Дагестанерчу журналистана Анохина Светланина ен кхерамаш тийсар тергамза дитина прокуратуро.

XS
SM
MD
LG