ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нальчикерчу гIаттаман декъашхойн арз луьстур ду Европан кхело


Европан кхело листа тIеэцна 2005-чу шарахь Нальчикехь гIаттам айбинчу нехан дов, хаам бо бакъоларъярхойн "Правовая инициатива" ("Бакъонан инициатива") цхьаьнакхетаралло.

Арз адамийн бакъонашкахула йолчу кхелехь кхобучу юкъанна велла 15 шо хьалха лецначех шиъ. Набахтехь дарба а ца дина, кхелхира 20I6-чу шарахь Хакулов Амур. Каширгов Мурат дог сецна велира набахтехь.

Шайга етташ тIеэцийтира бехкаш таллам боьдучу хенахь а, девнаш Оьрсийчоьнан кхелашкахула юхалуьстуш а, бохура тутмакхаша. Аьрзнаш тIечIагIдо еттар гойтуш даьхначу суьрташа, видеотоьшаллаша, лоьрийн документаша. Амма Оьрсийчохь цхьана а кхело тергал ца дина оцу нехан аьрзнаш.

50 стаг вара хIетахь 11 шарера оьмар кхаччолц хенаш йиттинарг.

  • 2005-чу шеран гурахь баьккхира Нальчикехь гIаттам. 240 стаг лаххара а вара тIелеттарг. Кхелхира 35 ницкъаллин урхаллашкара белхахой, 15 маьрша вахархо, лазийра 200 гергга стаг. ГIаттамхойх вийра 95.

XS
SM
MD
LG