ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан кхело компенсаци еш далийтина 33 миллион сом лачкъорна чуйоьллина БуьритIера адвокат


БуьритIерачу Советски кIоштан кхело 5 шо набахтехь даккха кхачийна адвокатна Баскаева Таисина цо Европан кхело орцан министраллерчу белхахошна Оьрсийчоьне далийтина 33 миллион компенсаци лачкъорна. Оцу хьокъехь хаам баржийна "Медиазона" портало, Инарла прокуратурина а, меттигерчу талламчашна а тIе а тевжаш.

Талламо бахарехь, Баскаевас а, цуьнан йоIа Баскаева Фатимас а 33 миллион сов сом доладаьккхина – и ахча далийтина хилла шен сацамца Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело 1993-2001-чу шерашкахь болх бинчу нахана алапа лакъорна. 42 стагана дина къола БаскаевгIара.

Бехканна къера ца хилла ши зуда. Дов доьду дара 5 шо.

XS
SM
MD
LG