ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Георгиевскан экс-мэр бехкево шен кхечу пачхьалкхан паспорт хилар къайладахьарна


Клетин Максим
Клетин Максим

Ставропол-махкахь бехктакхаман гIуллакх айдина Георгиевск-гIалин куьйгаллехь Iийначу Клетин Максимна дуьхьал. Шегахь кхечу пачхьалкхан паспорт а хилар ца хаийтарна, иза къайладахьарна бехкево иза. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин миграцехула долчу меттигерчу декъе ша шина пачхьалкхан вахархо вуйла хаийта декхаре вара иза – Оьрсийчохь зулам лору и тайпа информаци къайлаяхьар.

Карарчу хенахь кхел ю Клетинан бехк луьстуш.

  • Клетин скандалан декъахь хилира шо хьалха, интернетехь, верзинчу, цунах терачу стеган видео яьржича: ша "оьзда принцесса ю" тахана, ткъа яхначу заманахь "кхераме зуламхо" вара, боху цо. Иза йоцуш кхин а яьржира "Клетинах терачу стеган" маьттаза видео социалаш машанашкахула.
  • Ставропол-мехкан губернатора Владимиров Владимира стохка Чиллан-беттахь мэран даржера дIаваьккхира Клетин. Цул тIаьхьа айдира цунна дуьхьал бехктакхаман ши дов.
XS
SM
MD
LG