ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Мемориал" центр талла яхна прокуратура юха а


Бакъоларъечу "Мемориал" центран болх талла цуьнан офисе кхаьчна прокуратура, хаам бо "МБХ медиа" портало цхьаьнакхетараллин пресс-секретаран Орлова Юлиян хаамна тIе а тевжаш. Коммерци лелош йоцчу хьукматийн низам лардар ду зуьйш.

Орловас дийцарехь, 6 стаг кхаьчна офисе, центр толлур ю берриг а карарчу баттахь.

Коммерцехь йоцчу организацех лаьцна долу низам арахецчхьана тIехьажархоша иттаннашкахь протоколаш хIиттийна "Мемориална", цунна бехке дуьллу цо интернет-ресурсашкахь, ша "арахьара агент" хилар хоуьйтуш, "иноагент" йоза цахIоттор. Шо доладелчхьана схьа 4 миллион сом сов гIуданаш диттина бакъоларъярхойн центрна.

  • 2012-чу шарахь тIеэцна Оьрсийчохь "арахьара агентех" долу низам. Дозанал арахьара ахча а оьцуш, политикан дахарехь дакъалоцучу хьукматашна дуьхьал арадаьккхина, пачхьалкхехь лелаш ду и низам.
  • Оьрсийчоьнан президента Путина ГIура-баттахь куьг яздинчу низамо 100 эзар соьме кхочуш гIуданаш детта иза талхийначу бахархошна, 5 миллионе кхочу ша "арахьара агент" хилар зорбанехь, интернетехь хоуьйтуш йоцчу цхьанакхетараллина туху гIуда.

XS
SM
MD
LG