ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу а, Дагестанерчу а маьждигашка 65 шо сов долчу нахе цалелар доьху


Нохчийчоьнан парламентан спикера Даудов Мохьмада а, мехкан муфтийс Межидов Салахьа а, махкахь коронавирус юхаяьржина хиларна, хоьху 65 шарал сов хан йолчу нахана, маьждигашка ца лелаш, цIахь совцар. Муфтиято шен инстаграмехь бовзуьйту и хьехам.

Межиевс дехна баккхийчаьрга ца эхар "алссам нах гуллуче, хуьлда иза зуда ялийна меттиг, тезет, къаьстина пIерасканан джума-ламаз". Маьждигаш дIа ца къовлийта гIерта шаьш, цундела оьшу и хьелаш лардан, аьлла муфтийс.

Дагестанан муфтийс а дехна шен махкахошка маьждиге тобанашкахь ца эхар. Иза саготта ву республикехь коронавирус юха а марсайолуш хиларна.

XS
SM
MD
LG