ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанан куьйгалхо Москва вигина дарба дайта


Кхаарин буса Дагестанан куьйгалхочун декхарш кхочушден Меликов Сергей – коронавирус гучуяьлла цуьнца - ХIинжа-ГIаларчу дарбан хIусамера Москва вигина Дагестанерчу а, Москварчу а лоьрийн консилиум хиллачул тIаьхьа.

Мехкан куьйгалхочун пресс-векало Гаджибалаев Низамис "Кавказ.Реалиига" бинчу хаамца, могашаллин хьал гIеххьачу барамехь ду Меликовн. Цо дийцарехь, дистанционан кепехь шен болх дIакхоьхьуш ву мехкан куьйгалхо.

  • Дашестанехь 19 20о сов стаг ву коронавирус кхетта. Официалан статистико гайтарехь, уьнах велла махкахь 968 вахархо.
  • Оьрсийчохь кхушара коронавирусах велла ларало 74 866 пациент. И терахь шозза гергга лакхара ду официалехь довзуьйтучул. Довзийтина и хьал "Медиазона" ресурсо, Могашаллин министраллерчу информацин центрна (ИЦК) тIе а тевжаш.

XS
SM
MD
LG