ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен маршонехьа лиэтта "Ушармин батальонера" бIаьхо Молдован каравелла Украино


Украинан Кхерамзаллин Урхалло, пачхьалкхерчу Инарла прокуратурин сацам кхочушбеш, Молдован каравелла ГIалгIайчуьра схьаваьлла, Украинерчу "Ушармин батальонехь" гIуллакх дина волу Акиев Руслан. Оцу хьокъехь "Кавказ.Реалиига" хаам бина Киеверчу вайнехан диаспоран векалша.

Урхалло (СБУ) пахьалкхан доза лардечу хьукмате дIавелла Акиев, ткъа цо дIахьажор ву Одессан кIоштарчу Молдован дозанерчу "Старокозаче – Тудор" хане. Документо тIетовжар до иза "Интерполехула" лохуш хилла хиларна.

Экстрадицех болчу сацамна Украинан низамо арздан кхачош болу аьтто а ца луш, дIавелла Акиев Молдова пачхьалкхан кара, чIагIдо хьасташа.

20I8-чу шеран юьххьехь Киеверчу аппеляцин кхело лаьцначуьра дIахийцира Акиев. Иза хIуманна а бехке вац аьлла (иза лаьцнера 2017-чу шарахь цигарчу Днепран кIоштан кхелан сацамца).

  • Ша 2015-чу шарахь Молдовера ведира, цигара Iедал шена Оьрсийчу экстрадици ян кечлуш дуйла хиича, бохура кхелехь Акиев Руслана.
  • Ша аппеляцин кхело маьршаваьккхича, Акиев вахара Донбассерчу сепаратисташна дуьхьаллаьттачу "Ушармин батальоне".
  • Оьрсийчохь Акиев бехкево тIеман тобанехь леларна а, пассажирийн автобусна тIелатарна а.

XS
SM
MD
LG