ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Килбаседа Кавказера COVID-статистика: велла 34 стаг, цомгуш хилла кхин а 1199


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь коронавирусах дIавьалла 34 пациент, керла цомгуш хилла нах бу 1199.

Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан хаамца, белла нах бу: Дагестанера – 9, Краснодар-махкара – 7, Ставропол-махкара – 6, Нохчийчуьра, ГIебарта-Балкхаройчуьра – кхоккха, ГIалмакхойчуьра – 2, Къилбаседа ХIирийчуьра, ГIалгIайчуьра, Кхарачой-Чергазийчуьра – цхьацца. Пандемин муьрехь регионехь вирусах велла 382о стаг, боху официало.

Карлаяьккхина статистика иштта ю (де-буьйса а, юьхьанца дуьйна а):

  • Ставропол-мохк + 234 (28639)
  • Краснодар-мохк + 174 (22763)
  • Дагестан + 123 (19449)
  • Нохчийчоь + 125 (4856)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 97 (13098)
  • ГIалмакхойчоь + 96 (12038)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 95 (12592)
  • Адыгей + 94 (8436)
  • ГIалгIайчоь + 82 (9802)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 79 (9682)

Ерриг Оьрсийчохь, оперативан штабан хаамашца, коронавирусах цомгуш хилларг ву 2 402 949 стаг.*

*Оьрсийчоьно шен официалан статистика юкъаоьцу ша аннекси йина ГIирма.

  • Нохчийчоьнан а, Дагестанан а муфтияташа бахархошка дехна маьждигашка цалелар, ламазаш цIахь дар.

XS
SM
MD
LG