ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента арахецна допинганна дуьхьал долу " Родченковн акт"


Трамп Дональда, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента, куьг яздина "Допинганна дуьхьал долчу Родченковн низамна".

Документо бехктакхаме озо магадо Американ Штатийн спортхоша дакъалоцучу дозанал арахьарчу дуьненаюкъарчу спортан къовсамашкахь допингах долу низам дохийна волу муьлхха а стаг. Низамо 10 шарна набахти кхачайо, 250 эзар доллар гIуданца цхьаьна. Зулам масех стага юкъахь дича, гIуда туху 1 миллион долларе кхаччалц.

Дуьненаюкъарчу антидопинган агенталло (WADA) емалбира хьалхо Вашингтонан и сацам. WADA-на хетарехь, низамо юхучу хьоле кхачайо допингашца къовсам латторца хIоттаелла йолу дуьненаюкъара кеп.

  • Родченков Григорий цIарах ду низам. Москвахь антидопинган лабораторин куьйгалхо хилла стаг ву иза. Цо шераш хьалха Iорадаьккхира Оьрсийчоьно шен спортхошна 2014-чу шарахь Сочехь хиллачу олимпиадехь допинг магош хилла хилар. WADA-агенталло теллира и информаци, карийра Родченковн хаам тIечIагIбеш факташ, царна тIе а тевжаш, мидалш дIаехира масех Оьрсийчуьрчу спортхочуьнгара. Хиламо рогIерчу 2018-чу шеран Къилба Корейрчу Пчёнчханерчу олимпиаде Оьрсийчоьнан спортхой кхачийра шайн йоцчу, дуьненаюкъарчу байракхца.
  • Москва къера ца хилира ша допинг лелош ю аьлла бинчу сацамашна. Родченковн вада дийзира пачхьалкхера. Цо ша рогIехь еллачу интервьюхь аьлла, Оьрсийчоь юха ца яьлла допинг лелорах, цунна меттиг хуьйлийла дац 2021-чу шарахь Токиохь хинйолчу олимпиадехь.

XS
SM
MD
LG