ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIамехь лецна бIаьхой дIахоьцур бу шина а агIоно, хаам бина Эрмалойчоьнан премьера


Ша-шех пачхьалкх кхайкхийначу Карабахерчу конфликтехь дакъалаьцначу эрмалойн а, азербайджанхойн а агIонаша бартбина шаьш лецна хилла массо а эскархой мукъабаха. Оцу хьокъехь хаам бина шайн мехкан халкъе видеокхайкхам баржийначу Эрмалойчоьнан премьер-министра Пашинян Николас.

Хьалхо хаам баьржира, агIонаша Дуьненаюкъарчу ЦIен ЖIаран комитете дIакхачийна лецна латточу эскархойн, аьлла.

Амма ца хьахийна Пашиняна ша дарж дитарх долчух хIумма а – оппозици гIерта цуьнга дарж дитийта.

  • Советан Iедал духучу шерашкахь йолаелла Ломан Карабахца йоьзна Азербайджананний, Эрмалойчоьнанний конфликт. Доккхачу декъанна тIехь алссам эрмалой бехачу Ломан Карабахо шен йозуш яцар дIакхайкхийра, амма Азербайджано къобал ца дира иза. Болабелла тIом сецира 1994 шарахь, вийнера шина а агIор 30 эзар гергга стаг, бIеннаш эзарнаш буьйхира хIусамех. Карабах а, цунна гонахара масех кIошт а ю эрмалойн ницкъийн карахь.
  • Ломан Карабахехь тIемаш буьйлабелира кхушара Гезгмашин-беттан 27-хь. Лаьттина баттахь сов.

XS
SM
MD
LG