ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Прагехь кхело набахте хьажийна Донбассехь тIом бина чех


Донбассехь. Аьтту агIор - Кафка Павел
Донбассехь. Аьтту агIор - Кафка Павел

Прагин Лакхарчу кхело хийцина Украинан территори тIехь тIом бинчу Чехин вахархочунна хьалхо дина хилла таIзар. Оцу хьокъехь хаам бина "Европера бакъдерг" ("Европейская правда") ресурсо, Чехерчу Украинан векала Перебийнис Евгенис Фейсбукехь довзийтинчунна тIе а тевжаш.

ЦIахь а Iаш, динчу зуламах кхаа шарна бехкала вуьгу сацам бинера яхначу аьхка Кафка Павелна Ческе Будейовице гIалин кхело. Амма прокурора а, кхелан сацамна резавоцчу ша Кафкас арз хьажийнера лакхарчу инстанце.

27 шо долу Кафка 2015-чу а, 2016-чу а шерашкахь хилла "ДНР" олучу мехкан тIеман тобанехь. Цигахь танк лело Iама а вина, салтичун а, танклелорхочун а гIуллакх дIакхехьна цо. Прокуратуро "терроризман декъашхо" а лоруш, набахтехь такха 12 шо хан тохар дехнера цунна кхеле.

Кафкас ша ца хилла тIеман тобанехь, Донбассе ша хIусамаш йохийначу нахана гIодан я дарбан цIийнехь болх бан ваханера бохура кхеле. Прагин Лакхарчу кхелан сацамца набахтехь доккхур ду цо щена хьалхарчу кхело кхайкхийна кхо шо.

XS
SM
MD
LG