ГIуран-беттан 6-хь Москвахь травматикан тапча тоьхна йоIан чов йина волу патрулан-постан декъан белхахо дIаваьккхина чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан органашкара. Цунах лаьцна хаам бо Москох полицин урхалло, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.
КIиранан дийнахь Московахь полицин белхахочо, балхара мукъаваьллачул тIаьхьа тапча тоьхнера, ша хьошалгIахь хиллачу доьзалерчу 13 шо долчу йоIанна. Дархо дарбанан хIусамехь ю. LIFE зорбан гIирсо бечу хаамца, йоIа дийцина, 33 шо долу полисхо эвхьаза лела гIерташ вара шеца, ша цунна реза ца хилча, цо когах тапча туьйхира шена аьлла.
Тешо дийцина "Медиазоне", герзтоьхнарг маларх кхетта а вара, полици ярна кхоьруш а вацара аьлла. Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло таллам болийна, бехктакхаман гIуллакх долийна сий доцуш леларца доьзна.