ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Курхалла лелорца доьзначу гIуллакхан фигурант коьрта лор хIоттийна Дагестанехь


Гайтаман сурт

Дагестанехь Хасав-юьртарчу дарбанан центран коьрта лор хIоттийна, 2018-чу шарахь, шен даржах пайда а эцна, харц кехат хIотторна жоьпе озийна хилла Гаджиева Алжанат. Дагестанан могашаллан министралло кхетийна цу тайпа сацам шаьш бар, Гаджиевана дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх ца толлуш сацийна хиларца.

"Гаджиева Алжанатна дуьхаьл долийна бехктакхаман гIуллакх сайцийнера, зулам дина ца хиларна 2019-чу шарахь ГIуран-беттан 12-чу дийнехь. Дерриг а кховдийна бехкаш юхадаьхна", - даладо министралло деллачу жоьпан дакъа "Черновик" газето.

Могашаллан министраллан кхето дийзина, шаьш Гаджиева коьрта лор хIоттор, цу хьокъехь дуккха а хаттарш деш нах хиларна, яздо газето. Цунна дехкина бехкаш юкъадаьхна хиларал а сов, иза говзалла йолуш ю, боху министралло.

Гаджиева лаьцнера 2018-чу шарахь ГIадужу-баттахь, 60 дархочунна шаьш дарба дарх лаьцна харц хаам барна. Ткъа уьш хиллера федералан лехамехь, Шемахь тIемашкахь дакъалаьцна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG