ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францера хьехархо верна бехкелору нохчо Нохчийчохь дIавоьлларна комментари йина Кремло


Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран зорбан-секретарь Песков Дмитрий
Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран зорбан-секретарь Песков Дмитрий

Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран зорбан-секретаро Песков Дмитрийс шеконе диллина, Парижана гергахь хьехархо Пати Самюэль верна бехкелору Москох вина Анзоров Iабдуллахь дехьалха Нохчийчохь дIавоьллина бохург.

"И стаг дIавоьллина хиларх лаьцна информаци яц соьгахь, ца хаьа суна мел бакъ ду иза, муха хилла иза. Цхьаъ ду сан билггал соьга алалур дерг, шеко а цоуш, юьйцург теракт ю, вуно чIогIа емал яр а, тIеэца йиш йоцуш хилар а бен кхин йийца оьшуш йоцу", - далийна Песковн дешнаш "Интерфаксо".

Иштта цо жоп делла, Песковс шега "цхьана декъана сий деш", Анзоров дIаволлар терроризм бехказяьккхар санна-м ца лору Кремлехь" аьлла шега деллачу хаттарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG