ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьххьара 12 сахьт - цхьаболу хиламаш


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Азербайджано довзийтина тIамехь хилла шен дараш

Азербайджано довзийтина Ломара Карабах схьайоккхуш 44 дийнахь Эрмалойчоьнца хиллачу тIамехь хилла шен дараш. ТIеман министралло бинчу хамца, тIематасадаларшкахь верриг а кхелхинарг ву 2 783 салти а, эпсар а, шайна юкъахь цIарца цабевзачу эскархойн декъий а долуш.

Азербайджанан салти
Азербайджанан салти

Болчу хаамца, лар йоцуш вайна лоруш ву 100 сов эскархо, карарчу хенахь чевнаш ерзош госпитальшкахь а, могIарерчу дарбанан хIусамашкахь а болчеран терахь ду - 1245.

ТIом болабелира Гезгмашин-баттахь (сентябрь) 27-хь, ткъа дIабирзира Лахьанан-беттан (ноябрь) 10-хь, Азербайджано Ломарчу Карабахан цхьайолчу территорешна а, цунна гонаха йолчу 7 кIоштана а тIехь шен Iуналла дIа а хIоттош.

ЙоIанна тапча тоьхна полисхо дIахьажийна цIахь лаьцна латто

Москвахь суьдо цIахь чувоьллина латто сацам бина травматикан тапча тоьхна 13 шо долу йоI лазийна полицин белхахо хилла Князев Иван. Цунах лаьцна хаам бо "Интерфаксо", яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо. Хьалхо Князев дIаваьккхира Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан органшкара.

КIиранан дийнахь полицин белхахочо, балхара мукъаваьллачул тIаьхьа тапча тоьхнера ша хьошалгIахь хиллачу доьзалерчу 13 шо долчу йоIанна. Дархо дарбан хIусамехь ю. LIFE зорбан гIирсо бечу хаамца, цо дийцина 33 шо долу полисхо эвхьаза лела гIерташ вара шеца, ткъа ша цунна реза ца хилча, цо когах тапча туьйхира шена, аьлла.

Тешо дийцина "Медиазоне", герзтоьхнарг маларх кхетта а вара, полици ярна кхоьруш а вацара аьлла. Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бехктакхаман гIуллакх долийна полисхо сий доцуш леларца доьзна.

Нагахь кхело Князев бехке ларахь цунна 500 эзар сом гIуда я 5-ъа шаре кхаччалц хан тоха йогIу.

ОМОН-хочун коьртара куй баьккхинчу Швейцарин махкахочунна 2,5 шо хан тоьхна Минскехь

Минскерчу кхело колонехь даккха 2 шо ах шо хан кхайкхийна Швейцарин махкахочунна Херше Натальяна, Лукашенко Александран режимана духьал акци дIахьуш цо ОМОН белхахочун ницкъ бина аьлла. Цунах лаьцна хаам бо Маршо Радион Беларусийн сервисо.

Херше Наталья суьдехь
Херше Наталья суьдехь

Бехктакхаман гIуллакхан материалашца а догIуш, Гезгмашин-беттан (сентябрь) 19-хь Херше лецира митингехь, амма ша дIалоцуш дуьхьал тасаелла хиллера иза 22 шо долчу ОМОН-ан белхахочунна Кончик Сергейна. Зудчо катоьхна юьхь а лоцуш тIебоьллина болу "балаклава" олу куй баьккхина хиллера полисхочун, цу кепара цуьнан "формина зен а деш", "юьхьтIехь махцаргаш а юьтуш".

Наталья Херше Беларусехь йина ю. 12 шо хьалха Швейцарехь яха дIаяхна иза. Кхушара Гезгмашин-баттахь 10 денна Минске садаIа еана хилла Херше. Полицино иза лецира Швейцаре кеманца дIаяха 2 де диссинчхенахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG