Дагестанехь балхара дIаваьккхина республикан парламентан зорбан сервисан хьаькам Эрболатов Уллубий. Цунна бехке дуьбллуш ду интернетехь посташ хIиттор.
"Эрболатов Уллубийс социалан машанашкарчу шен агIона тIехь гуш-хезаш хIуманаш яздина, пачхьалкхан Iедалша а, цхьана куьйгалхочо а бечу белхан мах хадош", - аьлла ду Халкъан гуламан сайта тIехь, хаам бо Кавказ.Реалиино.
Бинчу хаамца а догIуш, Эрбулатовс оцу кепара дохийна пачхьалкхан а, гражданийн а сервисах лаьцна Оьрсийчоьнан Федерацин низам.
Цкъачунна иза балхана юьстахваьккхина, таллам чекхбаллалц аьлла. Таллам чекхбаьллачул тIаьхьжа? жамIашка хьажжина даржах вохо мегаш ву Эрбулатов.
- Хьалхо социалан машанашкахь ларлуш хиларе кхайкхинера Дагестанан муфтийн гIовса Салимов Iаблуллас. "Цхьамма цхьаъ яздо шена хеташ долу ца оьшург. Ши де даьлча вайна го иза, корта а олиийна, бехк ца биллар доьхуш", - билгалдаьккхира цо.
- Оьрсийчоьнан бахархоша интернетехь дуьтучу йозанашкахь "терроризман пропаганда а, иза бакъяр" а го сих-сиха низамашлардон органийн белхахошна. Дукха хан йоццуш, и бахьана долуш, цхьа шо хан а тоьхна, набахте хьажийра ГIалгIайчуьра яхархо Коттаева Хадишат.