ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францехь кхел еш ю Оьрсийчуьрчу шина футболан фанатана


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Францерчу Экс-ан-Прованс гIалан кхело листа долийна 2016-чу шарахь Европан футболан чемпионат йолуш Ингалс-махкара веанчу футбо езархочунна тIелатар дарна Оьрсийчуьрчу шина вахархочун дов. Цунах лаьцна хаам бо "Немцойн тулгIе", яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

Эшам хилла 55 шо долу ингалсхо хIинца лелаш ву заьIапхочун гIудалкхахь. Цул сов, цуьнан адвоката дийцарехь, чевнаш ярна а, дегаIаткъам хиларна а ур-аттала видеозIенехула тоьшалла дан а гIорасиз ву иза.

Бехкевечу шиннах цхьамма дIахьедар дина, ларвала гIерташ дуьхьалтасавеллера ша аьлла. ШолгIачо чIагIдо, шаьш латар шена дагацадогIу, цхьана а стагана зен дан лууш вацара ша, бохуш.

И ши стаг лецира Германехь 2018-чу шарахь Чиллан-баттахь. И шиъ воьдуш хиллера Испане, Москвара "Спартак" тобано дакъалоцуш хила езачу матче хьажа. Шиа чуволла мегаш ву, пхийтта-пхийтта шо хан а тоьхна. Кхело шен сацам бовзуьйтур бу ГIура-беттан 11-хь.

2016-чу шарахь Мангалаан-беттан 11-хь Марселехь тийсадаларш хилира Ингалс-пачхьалкхан а, Оьрсийчоьнан а футболан фанаташна юкъахь. И бахьана долуш, лазийнера иттаннаш адамаш. Ингалсера цхьа фанат коме воьжнера, тIаьхьо иза велира. Иттаннаш Оьрсийчоьнан махкахой лецнера полицино. Царах кхоъ чувоьллира, Францерчу набахташкахь хан такхийта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG