ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Багара мотт баккха а мега". ХIун хилла нохчийн журналистех?


Каимова Анжелика

"Кадыров Рамзан хилира…", "цо элира", "цо пхьор дира", "декъалвира", "маж ешира", "спортзалехь дегI дайдеш ву"— иштта буьйлало Нохчийчоьнан Iедалан "Грозный", "Вайнах" телеканалашкахь коьрта хаамаш. Изза керланаш даржадо Нохчийчуьрчу прессо а, интернет хьостанаша а. Ткъа хIун хилла социалан гIайгIанаш, мехкан лазамаш балхош баьхначу журналистех? Стенгахь бу коррупци Iорайохуш, адамийн бакъонийн дискриминацех, ъъоман гIайгIанех яздеш хьийзинарш?

Тахана хеза бехкбаккхар, олу, журналистех Iедалан цIуьхьарш хилла, ломахь цIокъберг экха санна, довш лаьтта ниIмат ду бакъйолу журналистика. Дешан маршо ю, республика юьззина демократин буха тIехь лаьтта, нах ирсе беха, дIахьедо Кадыровс деладенна. Амма Кавказ.Реалиин редакцига журналисташа дуьйцург ду нийсса бIостанехьа.

"Дерриг ду тергонехь"

Зулай (цуьнан дехарца оха цIе хийцина цуьнан – Ред.), ши шо ду, I5 шарахь радиокорреспондент лелла, пенсе яхана. Цунна ца лиира тIаьххьарчу шерашкахь радиохь лаьттачу хьолах хьокъехь дийца, амма элира, директора ша тергалйо зорбане а, эфире а йолу ерриг а контент. Ондда лаьтташ цензура ю, боху цо.

"Дерриг тергонехь латтадо радион директора. КIеззиг а ахь "иштта" ца алахь, Кадыровс ша ма-баххара, "багара мотт баккха" а, "пIелгаш кегдан" а мега. Цундела журналиста бIозза ойла ян еза ша яздан волавалале, муха тIаьхьало хир ю ша аьллачун", – дуьйцу Зулайс.

2019-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шога видео-дIахеьдар дира шен мехкан дозанехь хIоттийна бIогIам бахьанехь протесте бевллачу дагестанхошка. И къамел инстаграме а хIоттийра, "Чечня сегодня" агенталло зорбане а даьккхира. Дагестанхошка, "провокацина буха ма гIо", ша нохчийн къам лоруш боцчийн "меттанаш бухабохур бу", элира цо хIетахь.

Йозуш йоцу шен ойла хазо йиш яц, тоталитаризм ю республикехь

Бозуш боцу хаамийн гIирсаш банне а бац Нохчийчохь. Мелла а паргIат ю социалан медиа. Иштта хета шахьарарчу газетан цхьана къоначу корреспондентана, Соьлж-ГIаларчу университетан студент йолчу Маретна.

"Дозанал арахьа беха блогерш бу ас буьйцурш. Масала, Абдурахманов Тумсо. Интернетера хаьа суна журналисташа шайн таллмаш муха дIахьо, цара эккха кийчча йолу шайн материалаш муха кечйо. Кхузарчу хьаькамех лаьцна мел инзаре бакъдерг дийцалур дара, амма иза хьан тIаьххьара йоза, хьан тIаьххьар де хир ду, шеко а йоцуш", – доккха са доккху къоначу журналиста.

Шен цIе йовзийта цалуучу кхечу журналиста а боху, балехь йоллу нохчийн пресса.

"Цхьа шераш хьалха, со ГIалахь журналистикан факультетехь доьшуш йолуш, лекци еша веанера цхьана Оьрсийчуьрчу университетан профессор. Факташ хийцар, факташ хьулдар, харцдерг яздар – иза дерриг а журналистан кодекс, цуьнан этика йохош ду, дуьйцура цо. Дерг ма-дарра дийца деза, маьршша, автор цхьаннех возуш а воцуш, бохура. Амма кхузахь чекхдериг дац иза! Сан кху тIаьххьарчу хенахь чам байна айса лелочух, похIма даьгна. Ца лаьа Iедална, хьаькамашна тIаьхьара йиш лекха. Иза яц журналистика. Со сайна кхин болх лохуш ю", - леткъа зуда.

Анализан, конфликташ эшоран центран директора Сокирянская Екатеринас тоьшалла дарца, дуккха а бу Нохчийчохь дика журналисташ, маьрша ойла шайца кхобурш а, амма цара кхеташ доцчу бахьаница нейтралитет лаьцна.

"Ойланца бозуш боцу журналисташ кIезиг бац Нохчийчохь. Делахь а яц цигахь маьрша журналистика, аьттехьа а яц! Хетарг ала бакъо йоцуш беха уьш массо а, тоталитаран хьал ду. Цундела яц Нохчийн Республикехь маьрша журналистика", – боху Сокирянскаяс.

Цо билгалдоккху регионехь дукхахболу журналисташ Iедало шайна къастийначу гураш чохь болх беш хилар.

"Бу цигахь дог цIенна къахьоьгу журналисташ а, цара шайна нейтралера теманаш къастийна: Iалам, синбахамалла, кег-мерса социалан проблемаш. Амма яц йозуш йоцу политикан анализ, адамийн бакъонех йолу анализ", – билгалдоккху эксперта.

"Вайца воцург – вайна дуьхьалверг ву"

"Нохчийчохь тахана хаамийн гIирсашкахь болх бен нах журналисташ а бац, яц цундела журналистика а. "Телегойтийла", "информацин агенталла", "газета" шайх олу хьукматаш – уьш ерраш а цхьана стагна пайда бохьу пропагандин чарх ю. Лакхара охьа, вовшех бозуш болчу хьаькамашна хIоттийна йоккха чарх. Меттигерчу журналисташа ца кечдо керланаш, церна Iалашо ю Iедало официалехь аьлларг дIасадаржор", – элира меттигерчу цхьана журналиста Ислама.

Соьлжа-ГIаларчу цхьана газетехь болх бан гIиртина иза хан хьалха, гIуллакх ца хилла. Цо дийцарехь, яздан дезарг хьаькамаша лакхара охьахьажадо, материалаш леррина тергал а еш.

"Нохчийчохь коьрта кхо телеканал ду, интернетехула арадуьйлу газеташ ду, информацин агенталлаш ю. Зорба Нохчийчохь дац ала йиш яц, амма, халахеташ делахь а, маьрша дац иза. Лакхара охьа омранаш луш ца хилча а лаьттар ду и хьал махкахь Кадыровн Iедал мел ду, цхьана журналисто яздийр дац критика еш цхьа дош", – тешна ву Ислам.

...цхьаболу журналисташ балхара дIабовла а ца баьхьа – Кадыровн Iедална резабацар гучу ца далийта

.

"Шайна еттарна кхоьруш, балхара дIабовла ца баьхьаш, лела телеканалан чоьнашка суна бевзаш болчу журналистех дуккха а. Телегойтийлера дIавалар Кадыровна тешнабехк бар лору. Иштта го Iедалхошна, ца бохуьйту махкара журналисташ я Москва а, я пачхьалкхерчу кхечу регионашка а", - боху Ислама.

Телеграмерчу 1АДАТ каналан векало дуьйцу "Кадыровн журналистиках" шена хетарг:

"Кадыровн Iедало дерриг до шен зуламаш Нохчийчоьнал арахьа ца довзийта. Оцу тIехь цунна гIо до цуьнгахьа болчу федералан хаамийн гIирсаша"Дукха хан ю Нохчийчохь журналистика йоцу. Кадыровн Нохчийчохь тоталитаран Iедало куьйга кIел эцна дахаран массо а архаш, агIонаш. Хийцам хIара Iедал мел ду хир бац. Iедал хастош бен дийца йиш яц, ледарлонаш къайлаяхьа еза, лечкъо деза халкъах хьаькамашкара дуьйлу зен-зуламаш. Дукха леха а ца деза хьолан сурт, Дудаев Ахьмада (зорбанан министр – Ред.), Кадыровс аьлларг деш, шена тIебоьху макхара массо а хаамийн гIирсийн белхахой – хIуъа а хилла латтахь а, Iедал хесто тIедожадо царна. ХIинца журналисташ шаьш маьрша буйла гайта а ца гIерта, моттаргIанаш лелош а йоцуш, дIатесна цара критика. Цаьргара хезарг цхьаъ бен дац: маьрша, уггаре маьрша мохк бу Нохчийчоь, яц цхьа а проблемаш, уггаре а диканаш бу куьйгаллехь".

"Ду "Новая газета", " Кавказский узел", Кавказ.Реалии – цара ма-ярра гойту Кадыровн Iедалан юьхь-марш. Амма махкарчу прессина мегаш дац бакъдерг дийца. Оццу тIехь бу федералан Iедалан хаамийн гIирсаш а. Ткъа кхийолчу Оьрсийчуьрчу прессо хаза а хеташ дIаоьцу шен зорбанехула яржо цара кечйина информаци. Финансаш яц йозуш йоцчу прессин, иза еха ша йоьшучу нехан гIоьнца, ткъа мах бала а ца безаш, парггIат кхочу цаьрга адамаша йоьшунйолу Кадыровн Нохчийчуьра информаци. Иштта кара-кара а луш, даржадо Оьрсйчухула Нохчийчуьра "бакъдерг", - дуьйцу къайлах болх бечу 1АДАТ пабликан векала.

Нохчийчохь шолгIа тIом бирзича Британе дIабахначу нохчех ву Ризван. Цунна а го даймахкара хьал цигахь пресса янне а йоцуш санна:

"2014-чу шарахь Кутаев Руслана (дуккха а даржашкахь хилла Кутаев, тIаьххьара меттиг –"Кавказан къаьмнийн ассамблея" юкъараллин куьйгалхо–Ред.) нохчашна депортаци ярца доьзна конференци хIоттийра, цхьа а и тайпа барам махкахь ма хIоттабойла аьлла лакхара охьадаийтина омра а долуш. ЖамI – Кутаевна наркотикаш бухакхийсира, 4 шарахь набахтехь валлийра. Оьрсийчуьрчу прессо яздора цунах лаьцна, тап-аьлла тийна Iийра Нохчийчуьра журналисташ. Юха кхин а цхьана жимчу стага Путинна критика йира – цуьнга, тIехь хеча а йоцуш, Путин шена чIогIа дукхавеза бахийтира. ТIепаза вайна Тепсуркаев Салман с [1АДАТ телеграм-каналан чатан модератор]. Iаткъаме зулам ду иза… Адамийн бакъонаш дуьненна а гуш талхайо Нохчийчохь. Цунах лаьцна дуьйцу оьрсийн бакъоларъярхоша, амма бага хи эцна Iа нохчийн журналисташ, бакъоларъярхой. Ас вайн журналистиках чалтачийн журналистика олу. Стенна? Масала, Устрада-ГIалахь жима стаг лоцу, мийра бетта цунна полисхоша рогI-рогIехь. Цхьамма видео йоккху. ХIун до вайн журналисташа? И видео яьккхинарг а, полисхоша мийраш биттинарг а схьа а лохий, карантин талхорна Iедал къинтIера дохуьйту шайна".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG