ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьххьара 12 сахьт - цхьаболу хиламаш


Махачкала
Махачкала

Вийна карийна Дагестанан куьйгалхочун администрацин ваша

Вийна Дагестанан администрацин куьйгалхочун Гасанов Алексейн ваша Гасанов Виталий. Цуьнан дакъа карийна Махачкалана гергахь, иза вехачу куьпахь.

"Кривая Балка олу поселок толлуш дакъа карийна лоьхуш волчу Гасанов Виталин. Цуьнан дегIа тIехь накхана тIехь урс тоьхна чов карийна. Кхалхаран бахьана къастош ду", хаам бо ТАСС агеталло, республикерчу ницкъаллин структурашкарчу хьостана тIе а тевжаш.

Baza телеграм-канало хаам барехь, Гасановн дакъа карийна ГIуран-беттан 8-хь, меттигерчу Iоман йистехь. 57 шо долу Виталий Гасанов вайнера кхубеттан 4-хь. Дагестанан МВД-но иза лоьхуш хиларх лаьцна хаам баржийра 7-хь.

  • Гасанов Алексей Дагестанан куьйгалхочун а, Iедалан а администрацин куьйгалхо хIоттийнера республикан куьйгалхочун декхарш кхочуш деш волчу Меликов Сергейс.
  • "Черновик" зорбан гIирсо билгалдоккху Гасановн дарж вуно мехала хилар. Цуьнца доьзна цуьнан ваша лачкъонан хила мега аьлла ши бахьана ду: ахча даккха дагахь закъалтана лацар я лаккхарчу даржехь волчу Iедалхочун Iаткъам бар.

Берриг эрмалойн католикоса даржера дIаваларе кхайкхина Пашиняне

Берриг эрмалойн католикоса Гарегин II кхайкхам бина премьер-министре Пашинян Николе даржера дIавала аьлла, махкахь хIоьттина хьал бахьана долуш. Цунах лаьцна хаам бина католикосан зорбан-сервисо.

Гарегин II
Гарегин II

"ХIокху кризисан хенахь оха дас санна кхойкху премьер-министре Пашинян Николе баланах кIелхьара довла а, хила мега тасадаларш ца хилийта а, бохаме дерзарх кIелхьардовла а оцу даржера дIавалар хьокъехь сацам бар", - билгалдоккхуш ду эрмалойн диндас динчу дIахьедарехь.

ДIаяханчу буса Ереванехь 12 сахьт даьлча чекхяьлла оппозицино шен лаамехь дарж дитар хьокъехь Пашинянна кхайкхийначу ультиматуман хан. Оппозицин лидерша дIахьедина шаьш муьтIахь цахиларан акцеш дIайолош ю аьлла.

  • Оппозицин ницкъаша бехке веш ву Пашинян Никола Ломара Карабахехь хиллачу тIеман жамIашкахула "капитуляци" тIе эцарна. Иза эшаман символ хета царна.
  • Оппозицин премьер-министран дарже кандидат ву тIеман министр а, премьер-министр а хилла Манукян Вазген.
  • Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна хета карарчу хенахь Эрмалойчоьнан премьер-министрна гIортор ян еза аьлла.

Оьрсийчоьно дихкина Азербайджанера томаташ а, Iежаш а шайн махка дар

Оьрсийчоьнан Россельхознадзор федералан сервисо дихкина ГIуран-беттан 10-хь дуьйна Азербайджанера помидораш а, Iежаш а шайн махка чудар. Оцунах лаьцна хаам бина оцу урхаллан зорбан-сервисо.

Россельхознадзоро бинчу хаамца, оцу сурсаташна юкъахь карийна Къилба Америрехь баьржина болу неца а, кхин йолу садолу хIуманаш а.

Федералан таможнин сервисо бинчу хаамца, Азербайджан ю Оьрсийчоьнна уггар дукха томаташ латтош йолу пачхьалкх. Ткъа Iежашна импорт ярца и пачхьалкх яра стохка хьалхарчу кхаа пачхьалкхана юкъахь, ткъа кхушара – 5-чу меттехь. Оьрсийчоьнна уггар дукха Iежаш духкург ю Молдави.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG