Нохчийн къомах волу 5 жима стаг лаьцна Францехь оршотан Iуьйранна, ГIуран-беттан 7-хь меттигера хьехархо Пати Самюэль вер толлуш.
Низамаш лардон органашна хетарехь, цара интернетехула кехаташ яздина хиллачух тера ду Пати вийначу 18 шо долчу Анзоров IабдуллахIе, джихадан тема а хьехош, хаам бо Кавказ.Реалиино, France Bleu зорбан гIирсана тIе а тевжаш.
ДIалецна нохчий бу 18-21 шераш долуш. Уьш полисхоша дIабигна Францин ХIордаца Сена (Seine-Maritime) а, Лакхара Луара (Haute-Loire) шина департаментехь.
Цкъачунна цаьрга цхьанне а бехк кховдийна бац, дIахьуш бу таллам. ХIокху кIиранах хуур ду кхелан хьалха хIуьттур бу уьш я дIахоьцур бу, бехк а ца кховдош.
Таханлерчу денна Пати верца боьзна таллам дIахьош шеконе лаьцна ву 14 стаг, шайна юкъахь 5 дешархо а волуш. Царах цхьаболчара, хетарехь, зулам деш дакхалаьцна хила мега, ткъа вукхара гIо дина хила мега.
- 47-шо долу Пати Самюэль вийна кхушара ГIадужу-беттан 16-хь. Цул хьалха цо дешархошна урокехь дешан маьрша йийцаре еш гайтина хиллера Charlie Hebdo журналана тIехь араевлла Мохьаммад-Пайхамарна ехкина карикатураш. Цул тIаьхьа кхерамаш туьйсуш хиллера цунна.
- Анзоров дIавоьллина Нохчийчуьрчу Шалажахь ГIуран-беттан 6-хь.