ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчоь: шайхан БатIал-Хьаьжин тIаьхьенийн хьалханча Белхароев кхин дIа а лаьцна латто сацам бина кхело


Белхароев Якъуб
Белхароев Якъуб

ГIалгIайчоьнан Халккъан гуламан депутат хилла, шайхан БатIал-Хьаьжин бусалба вежараллин хьалханча Белхороев Якъуб кхин дIа а талламан изоляторехь латто сацам бина кхело. Иза лаьцна низамаш лардон органин белхахоша кхушеран аьхка пачхьалкхан хазнера ахча лачкъийна аьлла.

Белхароев кхин дIа талламан изоляторехь латто сацам бинарг ю Москвара Басманан кIоштан кхел.

Кавказ.Реалиин хьастано бинчу хаамца, гергарчу кхаа баттахь Белхароев вуьтур ву "Лефортовохь". Цунна дуьхьал толлуш ду рицкъ доладаккхарца а, иза дайарца а доьзна бехктакхаман гIуллакх.

  • Белхороев Якъуб лецира кхушара Товбеца-беттан 10-хь, ша куьйгалла дечу регионерчу социалан страхованин Фондера 17 миллион сом лачкъийна аьлла. Цул тIаьхьа цуьнгара дIаяьккхира Халкъан гуламан депутатан мандат, "Единая Россия" партера дIа а воккхуш.
  • БатIал-Хьаьжин бусалба вежараллина юкъахь ву 20 эзар гергга стаг. Уьш бу 19-гIа бIешо чекхдолуш, 20-гIа бIешо долалуш ваьхначу гIалгIайн шайхан Белхароев БатIал-Хьаьжин мурдаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG