Луьрчу рожехь колонехь яккха цхьа шо, цхьа бутт хан тоьхна Къилбаседа ХIирийчуьрчу вахархочунна, шен зудчунна а, цуьнан кхечу марехь винчу кIантана а еттарна.
Кхело къасторца, инцидент хиллера кхушара Зазадоккху-баттахь. 30 шо долу бехкевинчо йиттина хIусамнанна а, цуьнан кIантана а, цул тIаьхьа кхерамаш тийсина хилла цу шинна, урс а ддаьккхина. И бахьана долуш хье меттахбаьлла а хилла кIентан, хаам бо Кавказ.Реалиино.
Къилбаседа ХIирийчоьнан прокуратуро дийцарехь, и стаг хьалха а колонехь хан техкна ву, шен цIахь наркотикаш латторна.
Дийцарехь, таллам дIахьош оцу стеган хIусамнана берта яхана, иза набахте ма хьажавахьара бохуш дехарш деш а хилла.
- 2019-чу шарахь 32 шо долчу Владикавказерчу вахархочо Техов Вадима шен хилла зуда 22 шо долу Гагиева Регина йийра, эмгаралла бахьана долуш. Цо и зулам деш хилларг дIаяздинера видеокамераша.