ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хангошвили вийначу дийнахь Берлинехь цуьнца цхьанакхета дагахь хилла Саакашвилин хIусамнана  


Хангошвили Зелимха
Хангошвили Зелимха

Гуьржийчоьнан хиллачу президентан Саакашвили Михаилан хIусамнана Берлинехь цхьаьнакхета дагахь хилла нохчийн тIемалойн хьалханча хиллачу, Гуьржийчоьнан махкахочуьнца Хангошвили Зелимхица, 2019-чу шарахь Товбеца-беттан 23-хь, иза вийначу дийнахь, хаам бо Кавказ.Реалиино. Оцунах лаьцна хаам бина Берлинан зулам-девнаш къасторан урхаллин талламан комитетан куьйгалхочо, Хангошвили верца йоьзначу кхелан кхаарин дийнахь хиллачу рогIерчу кхеташонехь.

Шен оцу Iалашонах лаьцна талламхошка телефонехула дийцина ша Рулофс Сандрас. Deutsche Welle зорбан гIирсо бинчу хаамца, тоьшаллаш дан Германе ян ца лиъна цунна. Рулофс иштта реза ца хилла талламхошца ша динчу къамелан чулацам бовзийта. Хууш дац иштта хIун Iалашо хилла оцу цхьаьнакхетаран.

Рулофс Сандра
Рулофс Сандра

Рулофсца хила дезаш долчу цхьаьнакхетарал а сов, талламан векалша ГIуран-беттан 9-хь хиллачу кхелан кхеташонехь тIечIагIдина 2012-чу шарахь Оьрсийчоьнан Федералан кхерамазаллин сервисо (ФСБ) Германин Федералан зулам-девнаш къасторан урхалле деллачу 19 стеган цIе тIехь йолчу тептарна тIехь Хангошвилин фамили а хилла хилар.

Берлинерчу талламхочо билгалдаккхарца, Хангошвили ша цхьаъ вац оцу нахана юкъара, шен Ӏожалах цавелларг.

Берлинерчу оцу кхелан процессехь хьалхо федералан прокуроро Рональд Георга дIахьедина ма хиллара, "вийнарг дIаваккхаар" Iалашо цунна хIоттийна хилла Оьрсийчоьнан Федерацин Iедалан цIарах. Кремло иза тIе ца дуьту.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG