ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Санкт-Петербурган вице-губернатор: "Ницкъбар декхар ду полицин"


Санкт-Петербурган вице губернаторо Елин Евгенийс дIахьедар дина, "полици ницкъбаран орган ю", цундела "цьунан агIор ницкъбар – цуьнан декхар ду", аьлла. Иштта комментари йина цо, Невски проспектехь Commode барехь садоIуш хиллачу нахана полицин белхахоша еттар кхетош, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

Iедалхочо бехказдаьккхина нахана еттар, бар-о болх муха бо хьажа баьхкина Роспотребнадзоран белхахой арабовлуьйтуш ца хиллера аьлла. Елинан дешнаш далийна Петербургерчу "Фонтанка" зорбан гIирсо.

Кхаарин буса Талламан комитетан Санкт-Петербургехула йолчу урхалло полицица а, Росгвардица а, Розпотребнадзорца а, гIалин бахаман комитетца а цхьаьна рейд йина хилла коронавирусан билламаш кхочуш барехула бараш а, ресторанаш а толлуш. Официалан болчу хаамца, низам дохийна меттиг гучуяьлла хилла царна кхаа меттехь, шайна юкъахь Commode бар а йолуш.

Цу чохь хиллачу наха хаам бина социалан машанашкахь, рейд дIахьуш полисхоша массерна а йиттира, цхьа а стаг къаста ца веш аьлла.

Цул тIаьхьа масех сахьт даьлча Талламан комитето хаам бина, рейдан ларшкахула бехктакхаман гIуллакхаш долийна шаьш, барашка а, ресторанашка а баьхкинчу нехан хьаштонаш кхочуш ца ярна аьлла. Бехке бийраш хьахийна бац, "муьлуш бу ца хуу нах" алар а бен.

Иштта дуьйцуш дац муьлхачу барийн а, ресторанийн а долахошна таIзар дийр ду а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG