ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Starship кеман прототип иккхина зуьйш тIемадаьллачул тIаьхьа охьахууш


 Starship кеман прототип иккхина зеран рожехь тIемадаьллачул тIаьхьа охьахууш
Starship кеман прототип иккхина зеран рожехь тIемадаьллачул тIаьхьа охьахууш

SpaceX компанин Starship космосан кеманан прототип иккхина Техас штатерчу космодромехь охьахууш, хаам бо "Американ аз" зорбан гIирсо.

Тест еш тIемадаьккхинера кема кхаарин дийнахь. Цо некъ бира 6,5 минотехь. Кема хьаладелира Мексикан аймина тIехула, 12,5 километр лакхалле а кхочуш. Юха, ана йистаца дIанисделла, лаха а даьлла, хьала а дирзина, охьахууш лаьттах хьакхалуш иккхина иза.

Иза дара керла кема зеран уггар чолхе дакъа. SpaceX компанин куьйгалхочо дийцарехь, оцу кеман аьтто хир бу Марс тIе адамаш дига.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG